92 Хала ду

Со вогlу буьйсанца дагара дийца,
со вогу и буьйса йаларх а хийца,
геннара хьоьжу, хьо, йехачу керта,
йолахьа, (……), безамца берта.

Хьоьгара барт оьшу,
сайн дагца барт хила суна,
хьоьгара гlо оьшу,
и оьший хаац-те хьуна?
Хала ду лаамара дуьйлу дог сецадеш ваха,
дог толон лаамца, цецдоцу дуьне цецдаха.


Рецензии