Вай кIентий...
Ваьшна зама хилча, дехар дара ваьш бохуш.
Халкъан илли
1. Йа белха бIаьрг а ца бисна,
Йа лаза ца дисна дог а.
БIе Iаьвши, Iаьвши бIе исс а
Баланаш, Iовша ма-моггу.
Букъсуьртийн кураллаш, маржа!
Имамийн кхайкхамаш, гора!
Iожаллех ца эцна маршо
Вайна йу гуттар а йорах.
Гуттар а — дIакхелха некъаш:
Хонкаре, Шеме, ГIум-Азе.
Гуттар а — бIо лето хенаш.
Вайша ву гуттар цIа ваза.
Вайшинна хилла-кха хьарам
Зама а, Латта а хIара...
Цкъа делла девлла делхьара,
Вай-м дехар долуш ма дара.
2. Баланаш — вайн наной, дай,
Уьш боцчохь вайх хуьлу бай.
Баланийн бераш ду вай.
Бала бу доьн-дерзон урд.
Бала бу кахьаран тIулг.
Бала бу кхерчан цIе-кIур.
Бала бац — шелйели нуьйжа.
Бала бац — малйели нуьйр а.
Бала бац — ца йоьрзу куьйра.
Бала бац — дицдели туьйра.
Вай гIитторг — баланийн дарц.
Вай кхиорг — баланийн дарс.
Баланаш боцчохь вай туьлу,
Да воIна ца вевзаш хуьлу.
Баланаш бицлучу ханна
Дуьненца, нускалца санна,
Оьвхьазадийллал вай дайло.
Баланаш — вайн Iyй бy, дай бу.
Баланийн бераш ду вай.
Дайх диснарг, дуьсудерг вайх —
Баланаш... Логера вета,
Баланаш — чо чехка верта,
Йукъ къуьйлу доьхка а – бала.
Бала бу тусург вайн амал.
3. Йуха а хи доцуш бисина чIара.
Йуха а га доцуш бисина сара.
ТIам боцуш дисина са маьрша леча.
Вай кIентий дисина, йахана зама.
Йуха а стиглара садаьхьна зуда
Эмкалахь йоьссина, вайн бераш дига.
Йуха а цIе-кхерчах хьаьрчина гIуда,
Нохчийчохь нускалаш вайн жоьра дита.
Йуха а куьг доцуш бисина пхьераш.
Йуха а тIулг боцуш йисина хьер а.
Йуха а тIеэгна туш-шахьарш йекош,
Тийжаш ду баьгначу доьзалийн гIенаш.
Йуха а мурдийн бIо — имамийн марзо,
Багийна, гIаттийна гIазотан дашо.
Йуха а — бакъ, харц а доцу къам-миллат.
Нохчийчохь — обарган кхаж баьлла маршо!
Абдулаев Леча 1995 шо
Свидетельство о публикации №123021306937