90 Диттаца къамел

Сайн дендеца цхьаьна, бешахь
хьан гуо охкуш ваьллира.
Аьлла, «хьан гlад нисдан деза»
дендас къамел лаьллира.

Хьокха бугlуш хьо нисдина,
гуо аьхкина ваьлла,
дагалоьцу, ца дицдина,
хlетахь сайца лелларг.

Денда вац сан, хlинца вало,
хьох бlаьрг тоха вогlуш.
Лаьтта хьоьца, даг чохь алу
тlеттlа марса йохуш.


Рецензии