89 lилма lамадехьа

lилма lамор дезаш волчу суна
хьан амалийн lилма довза лаьа,
лаьа хаа: йуург муьлха йеза,
муха молу чай, теза йа мерза?

Кlониг йеза, йа дуьраниг тов-те?
Муьлха стом бу уггар дика хетарг?
Йа муьлхха а, дlайиъинарг тов-те?
Уггар дика муьлха мутта хета?

Хьалхе йуьжу, йа иза ца лаьа?
lуьйрре гlотту, йа ца гlотту-техьа?
Хьуна товрриг суна довза лаьа,
Хьайн амалийн lилма lамадехьа.


Рецензии