88 Догlа хьуна, догlа суна

Догlа хьуна,
догlа суна,
цхьатерра ду догlуш,
догlа хиларх,
ткъо а хиларх,
со шу долчу вогlуш.

Айса лехна
суо карийча
санна, со а вогlу,
Деле йаьхна
доlа тийча,
йуха карладохуш.

Дахкарлахь со
вайна лелаш
хилла лехнарг хьо,
хьоьца «хилар»
лаха дезаш
хилла хилла-кх со.


Рецензии