86 Цхьа йиъ оьцу хьуна ас

(Баккъал а хилларг ду… забаре а хаьтта дlайаздина)

   Тlехlоьттина лаьттарг тишо-о хьал дара… Оза сигаьрка а йоцуш, йолчунна шегахь и хилар къайлехь диса а лууш лелара кегийнах. …Хlаъ.., цу хенахь кегийнах олур-кх, бан-м кхиазхой бара уьш.
   Олдум а, Гlайра а вара цхьана суьйранна пхьоьха хlуттучохь хиина lаш. И шиъ ши доттагl вара. Олдумна сигаьркийн ботт эццал сом карадеанера цу дийнахь. Цу балхах воккхавевеш, сихха туькана а вахана шаьшшинна сигаьркаш а эцна цхьацца латийна узуш воллура и шиъ.
   Цхьаволчо цхьаъ йехна ца lаш ши сигаьрка а йоьхура, шена чувахча оза а олий. И болх уггар а цабезарг бара царна (кхиазхошна) вовшашна йукъахь.
   Батта чохь ткъех сигаьрка хуьлура, ткъа хlара шиъ цу тlера цхьацца узуш lаш вара, кхин а берхlийтта йисна а йолуш.
   Иштта… луьйш-олуш хlара шиъ lаш а волуш, бlаьрг кхета кхаьршинна, геннара шаьшшинна тlевогlучу цхьана кlантах. Иза.., дегlана лекха а, онда а волуш, кхеран доттагlех а воцуш цхьана кхечу куьпара кlант вара, амма, lовдал а волуш, цхьана а хlуманах озавалар хlун ду цахаарца билгалваьлла хьахош а вара иза нахалахь.
   Ша кхаьршинна тlе ма-кхеччина, салам а луш сигаьрка йийхира цуо.
   Олдума кисанара ботт хьала а йаьккхина, негlар схьа а диллина дlалецира ботт. Вукхо цхьаннал совнах сигаьрка ма эцахьара бохуш ойла а йара кхуьнан. Амма, тlевеанчо шен нанадоккха куьг баттана тlе а даьхьна «цхьа йиъ оьцу хьуна ас» аьлла, «ша» хьаькхира баттах.
   Цхьаннал совнах ма эца цуьнга ала-м хьала-охьа а ца хlоьттира хlара шиъ, дийнна ботт дlа ма йаккхахьара аьлла хийтир-кх, берчаш (мозолаш) йолу мозотах дуьзна даккхий куьйгаш а, хьербаьлла ши бlаьрг а, хьаьжа йуккъехь гулбина шад а гича.


Рецензии