Биъмог1анаш

Ши ког д1а хадийна, т1емаш т1етегарх,
Олхазар далур дац цицигах цкъа а.
Шен ненан маттаца г1иллакхах воьхнарг
Дика к1ант, йо1 хир дац, уьш дукха бахарх.

***

Галдаьлла йоза соцсетешкахь диэба.
Бух боцу, тхов боцу къамелаш хиэза.
«Берам» беш, вайн меттан дешнаш до кега.
Ненан мотт ца хуьлу шиъ вовшах иэбарх.

***

Хьекъалечу т1аьхьенна д1аэца,
Х1ора дош ду деза  нохчийн меттан.
Ша малх санна декхаделла, ц1ена,
Чекх са а гуш, и дош хуьлу хьаьъна.

***

Б1ена т1е кхаччалц дагардан ца хиъча,
Тахана х1ун терахь ду ала ца хиъча,
Беттан ц1е, к1иранан денош ца девзича,
Х1ун до хьох нохчаллин лар хьох херйелча.

***

Дитт дохо луучо орамаш хедадо.
Дош  талхош олучо маттана г1иэло йо.
Эхь- бехк ца лоручо шен къоман сий ца до.
Шех тешам къахкийнчо ша шена к1ело йо.

***

Къонахий гулбелчохь нохчийн мотт буьйцу.
Нохчийн мотт кхион а къонахий оьшу.
Ден дош д1алелачохь халкъан мотт буьйцу.
Доьзална мотт марзбан мотт биэзар оьшу.

***

Дуй биъна, ч1аг1о йеш, ваьхьар ву ала,
Дуьнент1ехь цхьа нохчо кханенга валахь,
Бусалба дог кийрахь долуш и велахь,
Аллах1е цо кхойкхург хилар шен маттахь.

***

Нохчийн мотт!
Цкъа, мацах зоьпаршца къийлина дош ц1ена илли
Ламанан басешка д1акхачо некъ шуьйра билли.
Замано хьулйина, бух ц1ена хьан лараш лехьош,
Сий ойъуш, ларбийр бу, хьо ц1ена ца буьйцург чехош.

***

Вайн къоман йаздархойн говзарш ца йешахь,
Ц1е йаххна йаздархойн ц1ераш ца йовзахь,
Хьо нохчийн мотт безаш, и буьйцуш вацахь,
Шеко йу орамехь нохчо хьо хиларх.



Вайн мотт шайна беза бохуш,
Ма дийцийша даккхий хабарш.
Кхечу меттан дош ца иэдеш,
Бийца, маттах ца йеш "букъарш"!

***

Дистинчу хино д1а такхадо т1ай.
Йорт оьций уьду хиш, харш дохош шайн.
Дош дохош, маттана г1елойахь вай,
Дайх дисна харш доьхча х1ун хир- те вайх.

***

Эрчонаш хьерчарах, чот йоцуш, шайх,
Ворх1е а дайн иэсехь мотт баьхна вайн.
Д1атесна биттал вайн мотт хала бац.
Мотт  битахь кепекал бен вайн  мах бац.

***

Маттаца дуозийта кхолламан тай.
И ахьа хадийтахь, хьан мах - шишай.
Борахчу лаамийн хилахь хьох лай,
Мас санна нахалахь сий хир ду дайн.

***

Ма къехкийша нохчийн маттах.
Ма сихлойша и д1ататта.

***

Довха худар даа дац-кха атта

П.С


Рецензии