ТIаьххьара бал
(Ширчу мукъамехь)
Той хьанна дина ду?
ЙоI хьаьнца къоьруш йу?
ДIахилал,
схьахилал, хIай, кIентийн ковра!
Бакъо сан алсам йу.
Таро сан шорта йу:
Со тахна волуш ву,
со кхана вовр ву.
Некъана теба сан
тоьллачех чIирхой.
IиндагIна лиэта сан
Iедалан иэраш.
ДIахилал,
схьахилал, хIай, кIентийн ковра!
Со тахна волуш ву,
со кхана вовр ву.
Ас хьиэйан ца йоьху
кху тойнан бакъо.
Ас кхачо ца доьху
шу кIентийн собар.
ДIахилал,
схьахилал, хIай, кIентийн ковра!
Со тахна волуш ву,
со кхана вовр ву.
Йиллина йаьлла и
«тешаме» хIусам.
Биллина баьлла и
«тешаме» мотт.
ДIахилал,
схьахилал, хIай, кIентийн ковра!
Со тахна волуш ву,
со кхана вовр ву.
Дийцина даьлла и
да оьцу хабар.
ТIебаьхьна баьлла и
да вухку мотт.
ДIахилал,
схьахилал, хIай, кIентийн ковра!
Со тахна волуш ву,
со кхана вовр ву.
Той хьанна дина ду?
ЙоI хьаьнца къоьруш йу?
Схьа йуккъе йаккхал и —
син бIагор бовза!
Бакъо цкъа соьгахь йу,
зама сан шорта йу —
цкъа пхьаьрсийн чIагарехь
хаза йоI хьовззол!
ДIахилал,
схьахилал, хIай, кIентийн ковра!
Со хIинца волуш ву,
со хIинцца вовр ву...
Абдулаев Леча 1999 шо
Свидетельство о публикации №123021303964