БIаьрга тIе...
Дагна дог дулуш,
МостагIчух хьаьрчар ву,
Ца хуьлчу далахь.
Амма, ва, жолам-йаI,
МостагI ца хуьлу
Цхьаъ мукъне шехь гойтуш
Къонахчун амал.
Со аьрзу ва хилча,
И хуьлу лаьхьа.
Гила борз ва хилча,
ХьаргIанах гIотту.
Эхьан герз ас эцча,
Ца хуьлу эхь а,
Адаман мотт бийцахь,
Ца кхета мотт а.
БIаьн новкъа со ваьлча,
Караво кертахь.
Кертара ков хьадахь,
Хьоду сан кха тIе.
Йуьхь-духьал, герз эцна
Ира йа аьрта,
ХIуттуш вац и гаур.
ХIай, йоьхна ка, йаI!
Сан мостагI гуттар а
Аганах лиэта,
Къеначу ден, ненан
Ламазан кузах.
ТIехьашха сан цIийнах,
Доьрчех цIе летош,
Сан мехкан маьрша хIyo
Цо кIуьрзах дузу.
Сан мостагI гуттар а
Лиэта сан динах,
Цо туху гIакх* дина
Зударех, берех.
Сан мостагI, ватталхьан,
КъотIалгIа винарг,
Со цхьалха висахь цкъа,
Хьо мича вер ву?!
Абдулаев Леча 1999 шо
ГIакх* — нийсалха герз туху lалашо (мишень)
Свидетельство о публикации №123021302290