Йа аьтту...

Йа аьтту агIор гIуо —
карор бу тIом.
Йа аьрру агIор гIуо —
карор ду дов.
Кху Нохчийн бешахь кхин
ца кхуьу стом.
Кху Нохчийн туьшахь кхин
ца дека зов.

Шен вийца да воцург,
да хуьлий, вогIуш,
Шен хала* кIур боцург
пхьа бийца вогIуш,
Кху Нохчийн стиглахь
ца хуьлуйту са;
Кху Нохчийн пхьедах*
ца доьбуьйту цIа.

Дависа делаI, хьан,
ден тешнабехк.
Ва, ваша виса хьан,
вашас бешберг.
Букъ тIехьа шу лаьцнарг
шун нехан ву.
ТангIалкхан гIант доккхург
шун дехо ву.

Хьайн дада виса хьан,
хIай, Нохчийн йахь!
Нана а йиса хьан,
хIай, Нохчийн йахь!
Цкъа а хьан ца хили-кх
хьайн нохчийн йуьхь,
Цкъа мукъне ца лери
хьайн бух, хьайн бохь.

Малх гIотту Малхбале
дIалатта шена.
Малх бузу Малхбузе
дIалатта шена.
Йогуш йуй, йоруш йуй
бохуьйтуш шех,
Сан Нана-Нохчийчоь
йогуш йу-кх шен!..

Абдулаев Леча 2000 шо

хала — дIабан
пхьедах — ламанан йурт (кхузахь : кхерч, мохк богучу маьIнехь)


Рецензии