Йух-йуха...
ЦІаро, шех дlавола, олу.
Йух-йуха богIуш,
TIамо, шех дIавола, боху.
Йух-йуха Iенош,
ЦIий, боху, зезагаш хета.
Йух-йуха доху
Синош а кхокхарчий хета.
Со дIа ца вулу —
Суна и ишта ца хета.
Со дIа ца вулу —
Сан даг чохь бисна къинхетам.
ОьгIазло тоьлла,
Сан даг чохь гIеллур бац безам.
Дахарал тоьлла,
Сан даг чохь лаьттар дац тезет.
Сан цIа ду догуш —
Ас илли олу.
Сан са ду догуш —
Со хелхаволу.
Cox дог а дуьллуш,
Пурба дац дIадаха, Дахар!..
Ас вала дуьллу-кх,
Чалтачаш, шул дукха ваха!
Абдулаев Леча 2000 шо
Свидетельство о публикации №123021204440