84 Кхузахь важа

Тахна цхьаьннан хlусам къагош,
Той ду, шуна, доьдуш дlа,
Кхечу кертахь, дегнаш дагош,
Доьзалхочун дели са.

Дlогахь.., воьлуш ирсе хилла,
Воккхавевеш воьду цхьаъ,
Кхузахь.., важа хьере хилла,
Лела даг тlехь lийжаш даl!..


Рецензии