83 Йоьлура зуда

   Иттех шо хир долчу жимчу кlентан а, цуьнан луларчу зудчуьнан а вовшашца хилла долу къамел:

   — Тlехьийза йоl йуй хьан? — жима кlант хьовзош хоьтту лулахочо.
   
   — Йу — жоп хазадо кlанта.
   
   Цул тlаьхьа.., массех де даьлча оцу зудчунна йуха а го и жима кlант. Хьалха санна, и хьовзон хlутту иза:

   — Оцу хьайн тlехьийза йоьlан цlе муха йу дийцахьа суна. Йолуш йуй хьан иза хlинца а?
 
   — Йац — оьгlазе.., хьаьжайуккъе шад а хlоттабой кlелдlашхула хьожу кlант.

   — Ой.., и муха хуьлу… дов даьлла шуьшинна? — йоьлу и зуда кlантах.

   — Йитина ас иза ша йолччохь — оьгlазаллица вуса а лой олу кlанта.

   — lад муха йуьту? Дов хlунда даьккхина ахь цуьнца? — и дерриге а хаз а лой тlаьхьакхиа гlерта иза.

   — «Мераlуьрг» йара иза. Цуо коьрта йовлакх ца туьллура ас шега тилла аьлча а.

   Тlаккха, шен сахаьдда йоьлура и зуда, оцу шен жимачу лулахочух (кlантах).

Матагов И.


Рецензии