82 Эхь хийтира

   — Хlун ду, кху дахарехь хьо воккхавеван? — оцу хаттарна жоп лехира цуо кхуьнгара.

   — Дахарца бац, ткъа, декъалалле боьду некъ а? — хаттарна дуьхьал хаттар а хlоттош довзийтира кхуо жоп.

   — Доьзал буй хьан сакъерадала? — бlаьргаш чу бlаьргаш а богlийна, лерса а ирдина хьаьжира иза, кхуьнга.

«Бац» аьлла, оцу хаттарна жоп дала, цхьана марзонах эхь хийтира кхунна.

Эхь хийтира: кху дахарехь кхин сов «адамна — адам  дезар» хир а дуй-те аьлла, сов тlех «шен вежарийн бераш дезар» шен даге диллинчу Делах а, шен дог а, кийра а буьзна, ша токхвина латточу, цаьрца ша кхобучу марзонах а.

Матагов И.


Рецензии