81 Буьзначу баттах тера

   — …Хlаъ.., гира… гlенан кхоьлах гира суна хьо, хьастагlа…

   — Муха гира дийцахьа…

   — Буьзначу баттах тера, цхьа иштта.., башха сибат дар-кх сан гlено суна оьхьна… Хlан-хlа… иштта аьлча-м харц ма хуьлу со. Хьо цул а хаза ма йара, суна ма-гарра матте йийца а лур йоцуш.

   — Хьайн цlеначу дагах терра, хаза гина-кх хьуна гlан! — олуш, иэхьан долайирзира иза.
 
   — Байт йазйан ойла ца хилира хьан? — цхьа кlеззиг йист ца хуьлуш а lийна хаьттира цуо йуха.

   Цуо и хоттучу хенахь а, важа-м цхьа йозанаш йаздеш воллура…

Матагов И.


Рецензии