80 Вайшиммо олу

Хьоьгара кхаьчнарг бен соьгара дарий,
соьгара кхаьчнарг бен йа хьоьгара а?
Шогаллин дуо бузош ахь дарх а даре,
хезар дац кхин совнах йа соьгара а.

«Хьоьгара, соьгара» бахарх а вайша,
леллариг зил тоьхна лелла ша дели.
Аьллачух аьлларг а аьлла ду айса,
боххушехь йуха а ахь ала эли.

Ас аьлча ахь олу, вайшиммо олу,
йуха а олуш дерг аьлла ца долу.
Хlун ду-те, лаг лецна хьийзориг ала,
эзарзза аьлча а аьлла ца даллал?


Рецензии