79 Хьо генахь, со генахь
жоп доцчу хаттаршца..,
ахьа а, аса а биначу бертийн мах
шад бина хьарчийна,
дош-гlала харцийна,
шен дагахь, безамца луьйш болчу
меттан неl къевлина,
хьан аларш хаздина,
сан дагна даздина,
боларх а ца йухуш
ког-сиха хьаьдда,
хьо генахь..,
со генахь..,
дlайоьду зама.
2022-чу шеран бекарг (март) беттан 5-гlа де.
Свидетельство о публикации №123021204161