78 Кхечира хьуна чохь суна!

Ирс кхолла — ирс дита дезар,
некъ кхолла — некъ бита безар,
кхечира хьуна чохь суна,
дахар, и хаьий-те хьуна?..

Мерзаниг там боцчух хийцар,
дог доцуш пхьоьхана хийшар,
кхечира хьуна чохь суна,
дахар, и хаьий-те хьуна?..

Шовкъ йитна гlайгlане лелар,
йуха.., цхьа дегаза велар,
кхечира хьуна чохь суна,
дахар, и хаьий-те хьуна?..

Дуьне ган бlаьрг къовла безар,
и ца ган баьлла и безар,
кхечира хьуна чохь суна,
дуьне, и хаьий-те хьуна?..


Рецензии