76 Мацах
Делахь а.., иза мацах дара…
мацах.., дийна ма дара массо а хlума,
ткъа, тахана-м делла хета…
Хьажахьа… дlогахь цу хенашкахь
суна гира-кх дуьне доккха…
хьажахьа… циггахь, хlинца-м суна
дуьне готта хета, хьуна…
…циггахь дийлина,
циггахь къийгина,
циггахь хьийгина
бlаьргаш лоьхуш,
муьлха новкъахь лела деза,
муьлха цlарца дага деза,
муьлха орца ала деза
дуьненан кийра буззал
къора мохь къуьйлучу деган?..
Свидетельство о публикации №123021204105