75 Тамаш бу-кха

«Тамаш» бу-кх —  дуьне дийллал цец,
«тамаш» бу-кх — сан ойла дlалецна,
«инзаре» йу-кх — кхин хуьлийла доццуш,
йийсар йина цхьа деган цуьрг йоттуш.

Буьйса lаьржа — цу «тамашан» бlаьргех тера,
буьйса тийна — цу «тамашан» амалх тера,
буьйса башха — цу «инзарин» йуьхьах тера,
карладохуш, йара, цхьа сурт хьалхалера.

Керла доцург — керлачух мел тера хийти,
Мелла воцу — мелча санна вехна хийти.
Элдара дегl болар доьхна хьере хилла
лийли хийла, сайн дахаран некъах тилла.


Рецензии