74 Гlолий хета суна

Нахаца болчу машарал а, гlолий хета суна, хьоьца сайн гlоттучу девнаца хаалуш болу ирсан мур.
И дов хуьлу-кхи, марзонах кхолладелла... Бакъду, цу девнан тlамехь детталучу герзано чов чlогlа йарна делахь а, хала-м хуьлу, оцу тlеман аренгахь Турпалхо хилла латта. Синна чевнаш йо, оцу йетталучу шокъалеша. Дош-герзане кхочуш цхьа а герз цахиларх а, сине кхочуш марзо цахиларх а со тешийна бахьана ду хьо. Амма, нахаца болчу машарал а гlолий хета суна, хьоьца нислучу тlамехь даlкъалацар а, цигахь Турпалхочун вастехь, вохар доцуш латтар а!..


Рецензии