73 Чевнаш хилла суна
кол а куьйса,
геннахь.., жlаьлин «гlалх» а,
харжа йа, кхин, тlом а буй сан,
дуогlа йа кхин гlагl а?
Тlом а суна
сайнна тайнарг
гоьмукъца кайолуш,
хаац ахьа муха лайна,
самалха а долуш.
lаьржа буьйса,
кор а куьйса,
тlом хьокху ахь соьца,
хьох дlалачкъа меттиг буй сан,
ахь хьайн гоьмукъ хоьцуш?
Цхьа кол куьйса,
арахь буьйса,
чевнаш хилла суна,
вала-вуола меттиг буй сан,
дуьхьало йеш хьуна?
1) Гоьмукъ’ — (копьё);
2) Гlагl’ — (кольчуга);
3) Куьйса’ — (голый, лишенный
растительности, листье).
Свидетельство о публикации №123021203917