Буьйсий бен...

Буьйсий бен, суна хIун дисна!
Амма и а цхьа йухъхьайолу:
Сан цигахь цхьаъ дисча санна,
Iуьйренна сихлой, чекхйолу.

Ца вуьжуш, и йахйан гIурту,
Цунах а ца хуьлу гIоле:
ДIавижча, ган тарло гIенаш
Сан тIома кIелара довлу.

Илли бен, суна хIун дисна.
ГIенаш бен, хIун дисна суна!
Йиш йуй, ткъа, цхьанна тIекхиа,
ТІаьхьа ца вуьсуш вукхунна?

Сан иллий, гIанний — ши эмгар,
Бац церан барт хилла болуш:
Соьца набкхеташ дац илли,
Соьца гIан сама ца долу.

Мархина гIаьттича санна,
Тlаьхь-тIаьхьа йацло хьо, буьйса:
Иллица йаъал хьо хилча,
ГIенашца йаа ца йуьсу.

Йахлохьа, йахлохьа, буьйса,
Некъаш сох тоххарехь дисна.
Ойлайан хьо оьшу суна.
Ойлий бен, суна хIун дисна!..

Абдулаев Леча 2002 шо


Рецензии