ГIайгIа узам

ГIАЙГIA
(Узам)

КІордийна хьо, кIордийна.
Йоккхур йу хьо вордана,
Даьтта хьаькхна семанна,
ЦІунан серех пен бина,
Цу ворданан цIа дина,
Хьох цу цIийнан са бина.
ГIайгIа, йу хьо гIайгIане.
Витахьа корта айабан.
Ахь сан дагах хIун дина?!
Ахь сан даг чохь хIу дийна.
Iаьржа мархаш гулйина.
Iаьржа догIа дуьйдина.
Iаьржа йалта кхиийна.
Даар дац хьан кхин, и бен.
Малар — бIаьрхийн туьхий бен.
Тиллар — ножан упхий бен.
Духар — кисин марчой бен.
Лаам — со дахьарчой бен...

ГIайгIа, йу хьо гIайгIане.
Витахьа корта айабан!
Хьо кIордийна-кIордийна,
Хьуна ас хIар дов дина.

Абдулаев Леча 2000 шо


Рецензии