71 Цициган кlорнех тера йолу моттаргlа

Со дарлора..,
эмгараллах кхоьллинчу оьгlазлонах воьттича санна..,
со мохане хуьлура..,
цкъа а синпаргlат ца хилча санна…

Ткъа хьо..,
хьо-м къарлора
суна томана кхоьллинчу эсалаллах йоьттича санна,
хьо хьасталой хуьлура, цкъа а синтем боьхна ца хилча санна…

Ахь дагахь lамийначу сан амалша, хьуна йелла йолчу хьан эсалаллица карадора суна, сайна хиллачу восана дарба а.

Амма хьо..,
хьан оьгlазе сибат, — иза-м, хуьлуш хилча а моттаргlа хуьлура.., соьгарчу хастамечу дешнех шен кийра бузо хьаьгна йолу моттаргlа,
сан тидамна ша хьакъ хила лаарна, цициган кlорнех тера йолу моттаргlа.

Тlаккха, сан бенцахетаре, хьоьгахьа тидаме вожош цхьа боккха лаам кховдабора, хьан хазачу, оьгlазлонах тарйинчу моттаргlано.

Матагов И.


Рецензии