70 Дахарера тидамаш

Хьан мацахлерачу ледарлоно, йа гlалато, цхьаьнгахула харцо йалон а тарло хьуна тlе (тоба дина дацахь).
   
   Адамо цхьа вуон болх бича, оцу адамо чlогlа дог датlийча, — оцунах бахьана а хlоьттина цунна биначу бекхамо, йуха хьан бакъонах чlир эцар ма къиза хуьлу...

  И бакъо лан-м ца ле... амма.., де эшадо-кх цуьнан.., цкъа йужу и.., йуха гlотту...

  Баккъал а аьлча, хьан бакъоно сацийна йолу харцо хилла ца lа, хьан нийсоне чlир кхийкхориг — иза,  хьан хьайн мацахлера ледарлонаш, йа гlалаташ а хуьлу, оцу харцонан гlоьнча а хилла хьоьгара чlир оьцуш.

  Цунах (хьан гlалатех, ледарлонех) кхоллайелла хила мега, хьуна ца мегна йолу и харцо...

 «Цхьа ледарлонаш йоцуш-м вай лела а лур дацара» аьлла, хьан синпаргlатонна lойла дита гlертачу бакъонан ницкъ гlелло.., тlаккха дlаlа-кх хьо, чот йоьхна, и бехк хьенан, йа мичара бу а ца хууш...

  Дагахьбаламаш а хуьлу, хьуна гуо а бина.., хьо йийсар а вина, хьуна тlе герзаш а лаьцна lаш...

И «бехк» шен йаккха цlе а йоцуш, ахь шена хьайн даг чохь цхьа меттиг баларе са а тесна хьайн бlаьра а хьоьжуш латта боьлча, цунна хьайна чохь дlатарбала хьакъ доллуш меттиг бацахь а, хьайн синпаргlато арайаьккхина а, цхьа торийла ца йича ца волу хьо цунна...

  Дlаваха ца кхеташ волу хьаша а хуьлий, ахь хьошалла а деш лаьтта и (бехк) йуха...

Иштта ду-кх кху дуьненан хlуманаш.., дера ду…
 

И.Матагов.


Рецензии