68 Ирсе ву хьаьжнарг хьо шега

Ирсе ву хьаьжнарг хьо шега,
дог хьостуш аьлларг ахь дош.
Хьо гинарг вуьсур ву хьега,
безамо ойла дlахьош.

Ирсе ду хьо лела латта,
суьйранна чу йоьрзу цlа,
хьан цlарах дог а луш датта,
Ирсе ву йиш йерг хьо ган.

Ирсе ду, хьан кийра lабош,
хьогалла йойъу хьан, хи.
Ирсе ву, жима дог дагош,
безамца динарг ахь сий.

Ирсе бу, хьан буьйса къаго,
йиш йолу стиглара седа,
хьуна шен сирла нур даржош
lаьршашкахь и лаьтта къеда.


Рецензии