67 Туьйранера дош дара
— дахаран некъашкахь хила тарлуш доцу.
Ас маттехь хазош дерг, туьйранера дош дара —
— баккъал а хилла ша латта йиш йоцу.
Ахь дуьйцуш хилларг а дара цхьа туьйра —
— сайчух схьадетталуш ирсах ша хьегна.
Деган неl йиллина суна хьайн, шуьйра,
хlетахь хьан, хийлазза, жима дог дегна.
Хьажар а тlедоьгlна, сибат а къежна,
кlеззиг гуш безаме, башха хьайн цергаш, —
— «ирсан некъ хьоьца бу, ас сайна лехнарг»
ахь сайга аларх а lаьбна дац лергаш.
Свидетельство о публикации №123021106294