66 Цу хьан озо гlолий йора!
йовхо lаьткъаш — йовхонгахь а,
са бlарзделла висначохь а,
цу хьан озо гlолий йора.
Шелонна дуьхьал йовхо лора,
вохвеллачохь шел а вора,
воьжна висча гlаттавора,
цу хьан озо гlолий йора.
Сурт гиначохь lадавора,
цкъа.., безамах lабавора,
ца вуьтура воьжна гуора,
цу хьан озо гlолий йора.
Сатийсамехь ирсе вора,
кху дахаран маьlна лора,
цу хьайн дагна воккхуш дола,
цу хьан озо гlолий йора.
Свидетельство о публикации №123021106279