65 Йиш йац латта!..
Суна-м гlеххьа, эхь а хийти хlинца.
Дlайерзахьа, сан цlа ваха веза,
йиш йац латта, кхузахь «Джалкхан» хица.
Со тlехваьлча ма лестаде куьйгаш,
хьанна хаьа, суна йезалой а?
Карзахе дог денна хьоьга кхийдаш,
синтем бохош ахь со хьийзавой а?
Эхь доцу, и, ши бlаьрг боккха, lаьржа,
кхерам бу-кх, даг чохь биса сан,
сатийсаман кхерч кхин тlе а буьзна,
хьере хилла кхача, со, сайн цlа.
Цундела, хьох, вада йу сан ойла,
лаац суна хьоьга безам бийца.
Бехк ма билла, йоl, дац сан кхин lойла,
йиш йац латта, кхузахь «Джалкхан» хица.
19.11.2013ш.
Свидетельство о публикации №123021106250