64 lу кхелхи цициган
и валар дазделла цицигна чlогlа.
Цу кошах, цу борзах ша дlа ца хедаш,
миска, и lаш долу ши бутт бу боху.
Ма марзо хилла-кха, ма уьйр а хилла,
кlайн-хьаьрса цицигна йеллариг Дала.
Ца лууш lаш ду и, lуьнах дог дилла,
йа кошах къаьстина ша гена дала.
Маржа, хьо дуьне йаl, масане уьйраш
хийди-те хьуна чохь, дог делхош цхьаьннан?
Масанна тарди ахь, хьайха цхьа туьйра,
ирсе а хоьтуьйтуш цхьайолчу ханна?
Кlайн-хьаьрса цициг а мацах цкъа lийна,
ша кхобуш хиллачу lуьнах а хьерчаш.
Тахана lаш ду и, коша тlехь тийна,
декъазчу ойланехь баланаш керчош.
Свидетельство о публикации №123021106234