62 Хlунда ду тамаше!..

Ахь коьртах куьг хьоькхуш сайн месаш кегон,
лаара, даим а.., лаара суна.
Ткъа хlинца, хан йац сан суо хьох ца хьегон,
бер санна, виълара тlеэха хьуна.

Къена вац, эхь хета къоначу суна,
сайна ма-лаъара ирс эца хьох.
Ахь хьоьстуш, хьо хьоьстуш цкъа уллохь хьуна,
хан йаккха, эхь дайна са хуьлда сох.

Хlунда ду тамаше, Нана, хьо хьастар?
Хьан марзо даим а оьшуш йу суна.
Хьо хьостуш цахилар ду хьоьха къастар,
Хьан йовхо ца хилча со буо ду хьуна.

Хьан кера, цкъа, аса биллича корта,
дуккха а хlума сан лур дара хийца.
Дlадахна шераш сайн хиларах шорта,
хир дара шолагlчу бераллех дийца.

Сан вахар, сан дегадеттадалар а,
хьан куьйгаша суна кхача балар а,
Дахарехь маьlане цхьа агlо йу-кха,
Тхо хилар, ахь Деле тхо диэхар ду-кха.


Рецензии