61 Хьо йоцчохь хьоь дагца хьежар

Суьрта тlехь хьан куьцан тlехуле йийцинчу бlаьргашна йиначу кхиэлана айса,
дош леха дийзи сан, уьш сайна къинтlера баха.
Бlаьргийн бехк ма баций, тlехуле йовзар бен кхин гуьнахь боцучу,
цундела, ца хlутту, со, церан лаамаш аха.

Цундела дара, со, бlаьргаш а къевлина,
хьо йоцчохь хьоь дагца хьежар,
аматал хазачу, башхачу синах ирс оьцуш.
Цкъа хьалха шовданах сирла хьан са довза даге ладоьгlна,
йуха ас йерриге ойланаш хьуна тlехоьцу.

Бlаьргаша хадийна хиллачу механа дог реза хили,
тховса а ойланехь хьо суна герга а йалош.
Наб йайна lуьллуш со, догlанах йоьлхуш йу буьйса,
массо а меттехь ша дерриге латта а тlадош.


Рецензии