59 Кхелхинчу доттагlчунна

Ца йогlу, хьоьгарчу саламан lуьйре,
хьан куьйгийн марзоно дог а ца хьоьсту,
ца вогlу, тхо долчу декъалйан суьйре,
балано бина ша уьйранца бостуш.

Итт шарал тlехтуьлуш къастаран хан а,
дlайаха ас дина доlанаш эцна,
самонах тарделла, хьо гина гlан а,
дlадаха синтеман жима куьг лецна.

Диц ца ло вай цхьаьна идийна некъаш,
шерийн ницкъ ца тоьу, хьо вицван тхуна.
Мелхо а, балано тlеттlа ша хьиэкъаш,
дог дууш, тхан зама йоьдуш йу хьуна.

Хьан хилар цхьа атта довр ду ца моттара,
диканехь, вонехь а хьо тхоьца латтара,
делахь а, lожалло дехи вай вовшах,
дуьнен чохь кхин цхьаьна ца дуьтуш ховша.

Декъала биначех войла хьо Дала,
пурба луш эхартахь даржах соввала.
Хьан хlора мlаьргонаш йехар йу тхоьца,
ойланаш хьийзарца даим а хьоьца.


Рецензии