58 Тlехволуш бlаьрг кхетча
Хlинца цхьа тийна,
Хьо йогlу ларйеш со
Лаьттинарш хийла.
Ахь кескаш йахарца
Тилийна дитт а,
Мохо дай техкадеш
Иштта дlалаьтта.
Тlехволуш бlаьрг кхетча
Хlинца цу метте,
Бlаьрг туху ахь бай-й ког
Хьекхначу лаьтте,
Ахь йоьлуш хьистина
Нехан жlаьла а
Хьуна сагатдина
Доьжна бах дала.
Свидетельство о публикации №123021104532