57 Вайн Нохчийн къам!
Тlетуьйсуш халонийн мохь,
Ларйина шен мехкан хьаьтта,
Къонахчо вайн Нохчийчохь.
Дохк-марха хьаьвзича вайна,
Балано lаьвшича дог,
Къонахчо и хала лайна,
Маршо йан баьккхина ког.
Силдукха шен Даймохк безаш,
Нийсоне кхевдина ша
Хуьлуш ду къонахчун некъаш,
Хала уьш делахь а лан.
Боьссина бала дlаойъуш,
Харцоне туьйсуьтуш чан,
Дуьненахь мехкан сий ойъуш
Дехаш ду вайн нохчийн къам.
Свидетельство о публикации №123021104510