56 Хьо сан даг чохь йеха
Боьлу lаьржа бlаьргаш.
Олуш хьуна дешнаш,
Маьлхан зlаьнарш йаьржа.
Коьртахь оьзда йовлакх,
Духар шуьйра, деха.
Дагара ца йолуш,
Хьо сан даг чохь йеха.
Ойла карзахйохуш,
Ахь со акха воккху.
Даго, оьшу бохуш,
Сан са тlома доккху.
Суьрташ хlиттон вулу,
Хьо сан кертахь йехаш.
Даг чохь бlаьсте йулу,
Цу ойланца вехаш.
Свидетельство о публикации №123021104478