55 Беснеш йоьлу
Дlасахьажар доцуш йоьду хьо.
Кхеташ вац со йуха йогlу стенна,
Урам-новкъа лаьтташ волчу со?
Гуо туьйсу ахь дlасалелаш суна,
Йоккхайе-те дехар дойтуш соь?
Собарде цкъа дог лур ду ас хьуна,
Дукха ду сан дагар дийца хьоь.
Йолчу тlе а хазйеш башха тlеда
Бу хьан хазчу йуьхьан сибатехь.
Собар тоьуш вац со ойла тейан,
Оццул хаза муха хилла-техь?
Беснеш йоьлу тайна кlегнаш хlуьттуш,
Бlаьргаш а ду воьхуш шайна тlе.
Йист ца хилча дог догу цlе гlуьттуш,
Хьоьца безам кхоллалур буй-те?
Ларйо денна урам-новкъа вуьйлуш,
Геннара бlаьрг тухуш lаба цкъа.
Со гича хьан самукъа а дуьйлу,
Амма, йоьду йист ца хуьлуш дlа.
Свидетельство о публикации №123021104454