54 lаьржа бlаьргаш богура

Вайша лаьтташ дагар дуьйцуш,
Хьо цlейелла йогура.
Бес-бесара йуьхь-бос хуьйцуш,
lаьржа бlаьргаш богура.

Ойла кегош, дешнаш лоьхуш,
Воьхна со а латтара,
Дика мел дерг даго хьоьхуш,
Безамо дог даттара.

Лаьттан бlаьра хьоьжуш lара,
Маьлхан сибат лечкъадеш.
«Дlайоьду со» сихло ала,
Безамах со хьегавеш.


Рецензии