53 Беттан ах
Аьхна хьоькху мела мох.
Таханенна малх а байна,
Беттаса ду хьерчаш сох.
Ойла йаха тховса лома,
Даго аьрха бугlу бохь.
Йуха стигла гlотту тlома,
Стиглахь седа боьлу сох.
Маржа-йаl, хьо сирла буьйса,
Дlайан йеза кхеташ малх.
Iашшехь хилла хьуна хуьйса',
Стиглахь йовр йу беттан ах.
Лома йахна ойла тховса,
Йерзо воллу хlинца цlа.
Де кхачале воллу йовза,
Мерза къайле, ойла, хьан!
(Хуьйса' — "сторож")
2016ш.
Свидетельство о публикации №123021104401