ДIасахьийза...

ДІасахьийза некъаш.
ДIасалела пекъарш.
Курра аркъалсетта.
Цхьа а вац шен меттехь.

Бац шен метта-мотт а.
Чу ца кхойкху доттагI.
Лулахо ца вевза.
ХІора вовш ву доьза.

«Со» метта а «сан» ду.
«Сан» доцчохь кхин са дац.
ДоIане ца воьрзу.
ХІора вовш ву доьза.

Да вицвина доьзалш.
ХІора вовш ву доьза.
Махках доьхна латта —
Хьиэша, хьиэ а атта.

Керташ эгна ардаш.
Пхьоьха йоьхна йарташ...
Со ма хила-кх цигахь.
Со ма виса-кх и ган.

Мохал хьалхаваьлла,
Co дlагlур ву ваьлла,
Йилбазбlаьра ваххал
Меттиг хилахь ваха.
 
Абдулаев Леча 1998 шо


Рецензии