Хьоьга дIаала...
Хьоьга дIакхачо йаздина
Дош идош лелла со, вогIург,
Мотт боцуш и дахьа, дилла.
Йуьхь-дуьхьал хIуттуш да воцуш,
Стигланаш, латтанаш лелхаш,
Кайоцчу тIамо кайохор
Ца гIерта со хьуна далхо.
Дерзаде, диэ а ца боху,
Заманца диталахь латта,
Ларделахь машаран урдо —
Дайн синойн жаз эгна латта;
Диталахь, акха дитий а,
Кху къоман са силамбатlа.
Абдулаев Леча 2000 шо
Свидетельство о публикации №123021103817