52 Ца lийна йоьжна!

Маьрша мохк Нохчийчоь
Сий долу латта
Йуьсур йац дайна доь
Хьо-м иштта атта
Азаллехь дуьйна хьо
Ца Iийна йоьжна,
Кхуьуш го хIинца хьо
Зама дIайоьжна.

Хьайха тхан лезначу
Дегнех къахетта,
Хьо йожар дезначийн
Дагах а кхетта,
Йеха хьо тахана
Денна а хазлуш
Лелар вац вахана
Хьох къастар дазлуш.

Ас даим хьоьсту хьо,
Iаламе вуьйлуш,
Хьан цIенчу хIавао
Там беш, дог доьлуш
Стигала кхийдина
Хьан лаьмнаш лаьтта,
Къонахий кхиийна
Дай баьхна латта.


Рецензии