Хьоьхан гlодан...

Хьоьхан гIодан пардо санна,
Йуткъло цкъацкъа деган ойла.
Некъахочун беза сардам
Бахча санна, къахьло Іойла.

Гоьза куьйга дечух тера
ГIуллакх хьело, ка ца йолуш.
ХІора некъо хьоьху херо.
Хlора цIийно оьхьу догIа.

Хьан ков-керто гезгамаша
Боьзча санна, доккхуш туьйдарг,
ДIатIехволу вогIу хьаша.
ДlатIехдолу догIу-доьдург.

Абдулаев Леча


Рецензии