Заманца...
Маж ца ло иэсан гIа-патар.
Тоьа-кха иэсан га тахка
БIаьрнегIар тоьхна гIар-тата.
Базанца йахь йича санна, —
Гуттар а баьццара урам.
Хьо хитIа йогIу и хан а
Сецна йу, сурт санна гурахь.
Доьху ас, йукъах ма дала,
Иэсан гIан, цхьажимма... кхин а...
Хи эца хьо йухайале,
Со къона къанвала кхии.
Абдулаев Леча 2001 шо
Свидетельство о публикации №123021101838