30 Набарна бижначу синтемана
хьан гучукъадаро — бос хуьйцуш серлоне берзий сан бода.
Хlумма а-м дацара, витнехь а боданца къийса,
ца вуьтуш, тахана, хиндоцчу ирсе сатийса.
Дlавахна суо lачохь — «дlа» хилар кхачаме ма дара суна,
схьавеъна — сих кхетта, лазамца балане вужучул хьуна.
Хlун дора мlаьргонна самукъа гlатточу ирсах,
цул тlаьхьа, тарлучу — дог дору ирачу уьрсах?..
Сийсара ас лехна хиллачу буьзначу баттах,
дог дуьллуш вижнера, и леха кlордийна метта.
Ткъа, тахна, цул хаза нур лийпи Даймехкан лаьттахь,
мацаха хиллачу уьйранан суйнах цlе летта.
Свидетельство о публикации №123021000782