29 Хьалха дуьйна
йезна хилча санна мацах дуьйна,
хlунда хета, ду-те иза стенна?
Хlунда йу сан, деган хьоьца уьйр?
Кхечу хенахь, кхин дуьненан кийрахь,
девзаш хилла, дезна хилча санна,
цкъа бен гина йоцуш, хийти сийлахь,
хаац иза хlунда ду, йа стенна!
Мичахь, муха даг чу йижи-техьа,
Муха леци йийсар вина хьайна?
Хьалха а цкъа йевзаш хилла-техьа,
Йезаш йолуш хилла-те хьо йайна?
Свидетельство о публикации №123021000688