28 Суй богу

Суй  богу, дог дагош алуно санна,
Хено а ца йойъу ойланийн лар.
Шераш дlаихча а, хууш вац стенна
Дазделла бlаьргашна шайна хьо гар?

Бакъдолуш йаййелла йисира ойла,
Хено ша «Хlуп-п» аьлла, йайъира цlе.
Цу хенахь лаара, денна хьо гойла,
Кхоьлина догlура хьо ца го де.

Ткъа, хlинца гича хьо, ойланаш кегош,
Суй лепа, схьахlуьттуш йахана хан:
Эсала латтар а со хьайха хьегош,
Йуьхь лечкъош бехкар а некъ суна ган.

Цул тlаьхьа, масане идийна некъаш,
Масане цистина ойланца хье?
Безам а ца хили, цул тlаьхьа хьиэкъаш,
Делахь а ца хили марзонна къиэн а.


Рецензии