26 Ца боху ас
лур ду ахьа, дог хьайн эсала?»
Ца боху ас: — «реза йац хьо стенна?
Хилахь суна реза, десара.»
Дахар, рицкъа йаздийриг ву Дела,
реза ву со, кху сайн кхолламна.
Ойла сецон сайн ницкъ боцу дела,
хьан сурт лаьтта соьца хlолламна.
Хьо сан деган баьрччехь йаха хиъна
йуйла, хууш хир дуйла хьовха хьуна.
Сан некъ — иза, вайн ирс хила лиънарг,
сацар доцуш бан лиънера суна.
Свидетельство о публикации №123021000646