25 Гуьйренан арахь

Бlаьстенан малх къеги тахана гуьйренан арахь,
гlурано лаьцначу деган ша башийна бостуш.
Сан таханлера де толийна даийти Дала,
Хьагамо бlарзбина экама бисна бlаьрг хьостуш.

Стигал а, цхьа маьрша.., цхьа сийна тхов бина лаьтта,
Ткъа дехьо-о, ирс а ду дуьне а сан доладаккхал,
Дог а ло тахана тем хилла самукъне детта,
Тlомаза тlам тоьхна lаьршашка со хьалаваккхал.

Сан доlа къобалдеш жоп дели сан Дала, суна,
Хастам бу-кх Хьуна, со Кхоьллинарг, массо а хенахь.
Вер а вац дахарехь, хастамаш бина, со, Хьуна,
Гайтарна самаха, цкъа Айхьа гайтинарг гlенах.


Рецензии